воскресенье, 2 января 2022 г.

Роман

                                «Ломахь»                           

1уьйранна хьала г1еттинчу жимачу Абуна дагчу тесира,дера веза ша Дадис жима лам олучу хинна т1е ваха аьлла

-Оцу минотехь юьх куьг а диллина ламаз дина:

 Дедена улле оха хиира


   -Дедас элира:»Х1уна лаьаш ву хьо Абу?»


-Дада жима лам олучу хи т1е ваха дагчу теснера суна тахан 1уьйран дуьна,ваг1итахьа вайша аьлла,ше дагар а дийцина ше хабар чекх даьккхира жимачу Абус.


Жоп делира Дадас:Мегар ду ойла йира ю ша аьлла.


Абу кхойтта шо бе дацара жим чохь дуьйна да а нана дацара цунна хийла жималла дедеси яькхина Абус,Де нана д1аяьлла цхьа шо кхо бутт бе бацара,кхи Абуг хьажа стаг воцуш ненахойх  висина а вацара цхьа.Абу Соьлжа-Г1алин Ч1ири юртахь юкъеррчу ишколехь ялх1алг1ачу класехь доьшуш вара,Абу аьрха хилари терра дика доьшуш вара ишколехь хьехархошна дукха везаш бераша лара лоруш.

Жима Абус дедена юху а хаттар делир 

-Дада вайша тахан вахитахь амма къиран де ду тахан кхана ишколе воьдуш ву со йиш хира юй теш со ишколи воьду деношкахь вайша ваг1арх, 

-Хийла ойла йира дедас,Абу хьуна хаьа суна хьо дукха везий хьаи?


 «Хаьа» 


Тахан дади дег1 дика дац,дадас хьо юха хула вуьгар ву хьуна меги?Оли 

Абу жима велахь кхеташ бакхийчарах къа хеташ дог лозуш вара.

-Дада суна хаза хета ахь суо хьайна лууш дийнахь со вигча циге,хьай дика хьалла хилча вайша жимма дайсхьа хьожаш вахачхьан.

Къамел чекх доккхура шиммо,Абу урокаш ян вола велира,оьрсий меттан книжки т1ера Лев Николай Толстой яз йина стихотворение 1амош вара,хийла арахь «Абу»бохуш мох бетташ хеззери к1антан,хьала иккхина ара а ваьлла хьаьжча, к1ента классера доттаг1 вара веан Абу волчу жимма дага а волуш,Абус элира -Хьа чоьхьа вала Ислам аьлла,чу ваьлла Ислам Абу дедега оьзда хаза виста а хилла вокхачу стаге хьал де а хаьттина,Абуса дехьа чу велира,Исламац элира 

-Вай Абу хьом урокаш йеш ма хилла,х1ун 1амош ву хьо аьлла 

-Дера русский литература Толстойц яз йина йолу стихотворение 1амош.

-Ахьа 1амийни?-элира Абус

-Дера ца 1амина со тахан мамис Г1алит1е йишин операции йеш больнице вахнера со

:Эзар балехь йолийла,Дала маршал дойла элира Абус

-Дела реза хилла 

-Ислам ахьа 1ама хунда ца йо соьци элира Абус

:1ама йийра ю хьоьц аьлла велавелир Ислам

-Цхьан шина сохьтехь 1ина 1ама а йина Исламна Абуна дагахь лаьттира стихотворение «Гуьйре» ц1е йолу.

Ислам цхьаъ бе вацар делахь цхьа йиша яра цуьна,да а нана дара цуьна,йиши ткъе пхьи шо дара ше доьзал болуш ехаш яра иза,жима да а нана дара Ислами.

-Абус элира: Ислам хьо кест деша мича г1ура ву?Аьлла

 Дера Абу хинца а вайша ялх1алгачу классех бе вац,суна-м ца хаьа суо мича г1ура ву

:Делахь Ислам кест-кеста жимчохь дуьна оьрсийн меттан хьехархо болх безаш вара со и лаам кхочаш бийра бу аса,бохуш дедена дехьа чохь вижан 1уьллуш хезира жимачу Абус деш долу къамел,хийлаза ойлане велира деда

-Хьажахь Абу воккха хилча цуьнан лаам кхочуш бийра букх ша,бохуш ойлане велира деда Яраг1и

Цул т1аьхьа дикка къамел дира жимачу шина къонахчо.Шай  т1ейог1учу заманна ойланаш йеш планаш хиттош.

Иттолг1а  сахьат доладелира

:Исламац ша д1авоьда аьлла,Абуга буьйса декъал йира,Яраг1ига виста а хилла,д1авахара Ислам.


Шолг1ачу 1уьйранна хьала а г1еттина,ламаз а дина жима Абу ишколе вахара.

Ислам а,Абу а цхьана ишколе водара,новкъахь цхьац хабар а дуьйцаш.Исламац Абус цхьацца пхиъ даькхинера,ишколе ц1а боьлхуш хенахь Абу ойлане велира «Дадис тахана вахчи ма дика хира дара амма цунна и шийла шовда малор дара аса дарбане ма хуьли и» бохуш хийлаза ше ойланашкахь дуьйцуш воллуш волу уллер Исламна хеззера Абус до къамел.

:Вай Абу хьо муьлха шийла шовда мало г1ертш ву хьай дадина?


-Дийцахьа соьга х1ун лелош ву хьо?Мич воьдш ву хьо кест?Олура Исламаца


«Ислам сан ойланаш ма яра уьш хьуна мичар хаьа са ойланаш х1ун боху?


:Ой ахьа бокъалла суна хезаш ма дуьйцура иза хьой ойланашкахь дуьйцуш ду моьтташ вара хьо?


-Вела а къежна элира Абус


-Делахь Ислам айса лелочух ца кхитар со аьлчи теши хьо?


: «Теша дера»

 Селхан Дадига тхаьшиъ жима Лам олучу шовда йисти вахита аьллера аса Дади дег1 дика ца хилари терра цхьаъ 1ира тхойшиъ.


: «Ой Абу и х1ун ду?Ахь ху дуьйцу?Х1ун хиллер  Дадин?

 -Дади селхан дег1 дика дацара  юххула ша вуьгар ву-м элар цо,х1ун хиллер цо соьг ца элира.

Яраг1и даган лазар дог1уш вара,цкъа Абуг ала ца лаьар Яраг1ин ше хьал,я цунга дийца ца лаьар,цхьа хетарахь Абуна хала хетар дуй хууш.

Ши к1ант воьдуш кест ц1а кхечира…

:Абу чоьхьа а ваьлла хьаьжира Яраг1ига

 -Дада х1ун деш ву хьо?Муха ву хьо тахана?Ахьа селхан соьга хьайна хиллаг а ца дийцира,х1ун хиллер хьуна Дада?Элира Абус


:Вела а къежна элира Яраг1ис хьа чоьхьа вала к1ант охьа хаа,хьо хинца а бе ца веан ишколер ц1а сада1 хьайна,аьлла шена хьал дийцира Яраг1ис

«Дика ву со Абу селхан са дег1 дика ца хиллари терра ца веар хьуна со суна къинт1ера валалахь Абу Дадас дош ло хьуна хьо кест кху деношкахь вуьгар ву, аьлла хабар чекх даькхира

Яраг1и Абу чай мелла а ваьлла,Абус хаттар делира ше дедега


:Дада ахьа соьга дийца хунда ца дуьйца хьайна хиллаг?Со хинца жима а ма вац кхана шийтта шо кхочуш ву воккха к1ант ма ву со бохуш Абус Яраг1и цкъа сец велира


«Ой-ой-ой ахьа х1ун дуьйцу Абу?Суна хиъ ма дацара хьа хьо вина де дуйла,ой ой бохуш Яраг1и сец вуьйлура шена дага хунда ца деана теш бохуш.

Дера веза ша кхана Абу жима Лом т1е вига оли дагчу тесира цунна.


-Абу хьуна х1ун еза?Дадас хьуна луарг дийра ду,алахьа хьайн ху еза?

    «Дада амма суна цхьа хума ца оьшара Дала хьуна могшалла елчахьанна,хьо латтичхьанна суна,вайша жим Лам т1е вахитахьа олура Абус

 

Вела велира Яраг1и


-Ва дера вуьгар ву ша-м,амма селхан дег1 дика дацара сан,кхана Даламукълах1 Дадас хьан лаам кхочуш бийра бу-кх!Оли Яраг1ий Абуйи ара волура кет1а охьа хаа.


Ара ваьлла охьа хиъча лулахь йолу Пет1амат т1е йог1ура


:Яраг1и шуьша ара ваьлла 


-Х1аъ Пет1амат,хьо х1ун деш ю?Муха

ю хьан могшалла?


:Дика ю сан могшалла к1анте сатийсина якъа елла со,бохуш т1ейог1ура Пет1амат йиста хила.


Пет1амат йисан 1аьш яра ц1ийда да д1аваьлла кхо шо дара,цхьаъ бен воцу к1ант  Товсолта армехь вахан вара,Краснодарехь вара иза циге вахан 3 бутта бе бацара,делахь нена дог лазар и уллехь воцуш,шиъ йо1 яра цуьнан Меллисий Айманий бохуш,цаьршинах йокханиг Аймани яра вуьрх1ийтта шо долуш,Меллиси дейтта шо долуш.Аймани еха нах оьхуш денош дара уьш юьртахь нахан бевзаш дика бохкуш нах бара Абдулрашедовг1ар.Нанас ца яхитар бахьан х1у дара шен к1ант армехь волуш ца лаьара цунна яхийта,Аймани ц1ера яьлча ша Мелисси юьтар ю бохуш кхерар кертахь 1а.


:Пет1аматас олура Яраг1иг 


«Яраг1и Абу вог1уьтар вуй ахьа вокха хилча армехь?


-Дера вохуьтар ваци сайна уллохь вуьтар ву аса Абу цхьана а дена лура вац,цхьаъ бен воцу Абу дуьнен чохь ваха везаш ву.

Пет1амат ахьа к1антан самагатта де,иза шен хаза ц1а воьрзар ву Дала азаллехь яздина рицкъа хира ду и цхьана хазачу дийнахь ц1а вог1уш,хаза дийнал долуш к1ант ву хьуна хьай к1антахь теши,хьай к1антан дукха ойланаш ца йеш хаза 1е шай,нагахь санна хьайна оьшуш г1улкх хилахь соьга ала аса г1о дийра ду,олура Яраг1ис


:Яраг1и Дала массарна хьо санна лулахо лойла,хьуна бакъ дерг х1унда ца дуьйца аса аьлча,ахьа ишт дешнаш аьлчи сагат дан ца оьшу аса,делахь ма нийса лоь хьо Яраг1и бохуш хийлаза ойла йора аса.Дела реза хуьлда Яраг1и Абу хьуна Дала дукха ваха войла.


-Дела реза хилла хуьна Пет1амат,хьайн оьшург соьга цхьа алахьа аса далуш долу г1о дийра ду!


:Эра ду аса Яраг1и,шуьш чай молуш со йолча ва веза цхьан суьйран,волахьа Яраг1и Абу валош!

 «Кест хьо йолча вог1ар ву со Пет1амат,Абу кхана воккха хуьлуш ву вай цхьани хьан ши йо1 эцна Жима Лом олучу шовдане г1ой?


-Дада’дадада дахитахьа вай,Деца вай цхьани даха ца мега кханехьа?


:Дера мега Абу,кхана вай хьо вазвеш Жима Лом т1е г1ура ду-кх,мас шо кхочуш ду хьан?


-Шийтта шо кхоча санна Деца


:Вай Яраг1и хинца жимма воккха хилла хьуна накъост хилла улле д1ахуттар ву хьан к1ант!Дала дукха ваха ве хьо Абу,оли мара а вуллий елха йолаелира Пет1амат,к1ента да а нана дага деана,Яраг1ис корта охьа та1ийра г1айг1ано дог дохийна даган собар муха лаха деза ца хаьар Яраг1ина!


-Пет1амат 1а дика йина д1аяхара


Арахь висира деда к1ента к1ант Абу,вовше дагар дуьйцуш хийлаза Яраг1ис жима Абуга цуьнан да нана дийцира и шиъ кхалхар дийца волавелира.


«Дада дийцахьа муха дара сан да нана?Суо церахь терра варий?-элира Абус


-Дера Абу хьан нана дика адам дара,хьо ма дукха везара цуьнан дукха хистина хьан нанас хьо ша д1акхалхале бохуш Яраг1и ойлане вуьйжира.


Нана цамгаро лаьцна хьизош яра,Абу дуьненчу ваьлла кхо шо бе дацара нана д1акхелхаш хенахь,хет1ахь атта лоьраш бацара,делахь юртахь дика лор яра Займан бохуш иза ч1ог1а кхеташ дика лор яра!


«Цо мичахь дешнера?»


Соьлжа Г1алахь медицинский институсехь дешна цо аьлла вела велира Яраг1и

«Х1ун бахара ахьа?Ваг1а воллара хьо циге деша?»

-Хаац Дада хьехархо болх безаш ма вара суо,ойланаш хийца елла теш сан,бохуш вела къежара Абу.


-Дадас хьуна луарг дийра ду хьо кхиъна а ца ваьлла,т1акха вайшим хьан пхийтта шо кхачале дуьйцар ду дика дуй?


-Мегар ду Дада,дийцахьа мамех лаьцна!


«Хьан нанна ала хума дацара санна!Нана дика адам дара и ялахьари вайшин г1улкхаш г1о хира дацар,х1умма дац Дална дика хуар ду бохуш къамел чекх даккха вола велира Яраг1и!


«Дада сан да х1унда кхелхина?»-элира Абус


-Хьан да армехь вахан вара цигар ц1а веан ши бутта баьлча хьуьн чу вахнера эльхьамсаш даха,цигахь берзалойш ка тоьхна куьг лазийна меттахь виснера,цул т1аьхьа г1оли ца хуьлуш цхьана шарахь 1ийна д1акхелхира хьан да Ваха!Хьан дац хьо хьистира кара эцча вела велла,хьуна цулдела юьхь т1ехь къаьгнаш ю,бохуш воьлуш вара Яраг1и амма кийрахь къуьйлура цо шен берриге бахам шеца ца хилари терра,делахь а х1умма дац бохуш шена собар дехар цо Деле!

Цкъа Абу Яраг1и хабарш дийцина а ваьлла,эчка маьнги т1е д1атевжира Абу шена дехьа пенехьа д1авижош!


«Дада вай кхана маца г1ура ду?Суо ишколехь ма ву кхана,нагахь санна хьуна ишта дика ца хилахь г1ура дац хьуна вай.


-Г1ура ду дера Абу вай кхана цхьана хьан лаамаш кхочуш бийра бу!


«Т1аккха со ишколер ц1ахь 1а ца мега Дада?»


   Абу ишколер ц1ахь 1а мегаш ма дац,хуо деша ваха везаш вац?Ахьа иссолг1ачу класс йокхар яц?Хуо хаза деша ваг1итан вайна нохчийна хьакъ волу хьехархо хира ма ву хьо!


-Дада,лаьа дера сан лаамаш кхочуш хира бу,бохуш дикка къамел дира Абус Дедас.


Яраг1и шен ницкъа мел бу к1ант ишколер ц1ахь ца 1айта,иза ц1ера ваьлчура жимма хазахетарца Абу ваз ван лууш вара кест сарахь суьйренца Яраг1и,гергар нах гул  бина,лулар Пет1аматий цуьний шина йо1ий,Абу ненавеши к1ант Салман а кхойкхуш,т1аккха Яраг1и Жимачу Атаг1ахь 1илман бохуш шича вара,делахь иза жима вара Яраг1ел,цуьна к1ант Алхазур йо1 Хазна а кхойкхуш стол кеч йеш Абу шийтта шо кхачарца вазвеш гулбан лууш вара.Цул т1аьхьа дикка хан елира.

Абу урокаш йин а ваьлла,Яраг1ина наб озийнера,иза меттахь ца х1е ван г1ерташ доккхачу ц1а чура цогал д1а а бай-ира кевна г1уй д1а буллура,чувоьрзура Абу.


1уьйранна варх даьл пхи минот яра Абу сама ваьлла,ламаз а дина,яа х1ума а йиъна,Яраг1ис ишколи д1ахьажира!


Дуьненчохь цхьана стага хуар дуйла теша Яраг1ис шен к1ента к1ант къоргера дешнашца декъал вар?Дац!Цо 1уьйранна мол кхайкхарех ламаз а дина,до1нехь Абу вехар Деле иза дуьненчохь массо к1антел декъал ве ахь бохуш,ло ахь везалли сийлалли дуьха Абу д1а нис валар,бохуш ламазна до1нехь дукха а дийхира Яраг1ис!


«Некъ дика хуьлда хьан Абу,Дала дукха ваха войла хьо,Дала дуьненчохь беркате доуьйтийла хьуна х1ора а шо!»-оли Абу новкъа воккхура цо.


-Дада суна хаза хета ахь суо хаза дешнашца декъал варна,дела реза хуьлийла хьуна Дада дукха веза хьо!

Д1авахара Абу!


Юртан цхьана ураман дехьа а ваьлла Ислам а, дуьхьал кхийтира Абуна.


«Абу,Дала декъал войла,Дала дукха ваха войла»-элира Исламац!


-Ой,Ислам хьуна мичар хьаьа сан вина де дуйла?Дела реза хуьлийла хьуна сан дика доттаг1!


:Суо тахан суьйран хуо волча вог1ар ву Абу,ва мегар дуй?


-Дера мегар ду-кх Ислам,волахьа!


«Вог1ара ву Абу!»


Ишколи д1акхечира,Абу массерел хьалха ша цхьа веан санна хеташ вара,делахь бераш схьа дахканза дара.Исламна гира Абу классера Заурбек сихонца шена и гича Абу вина де дуй а хаийтира Исламац.


«Заурбек тахан Абу вина де дуй хиънери хьуна?»


Жоп ло к1анта - Ой дера ца хиънера,бокъала ду цуьна тахан вина де?


-«Ду дера-ра-ра,бохуш къайлахь т1евог1учу Абуна ца хазита г1ерташ,элира цо!


‘Мегар ду аса класс чохь декъал вира ву дицина бераш хьа даьхкича.


Т1евог1а Абу:


«Ассаламу Аллейкум Заурбек муха ву хьо?»


-Ва1алейкум Ассалам Абу,дика ву хьо х1ун деш ву?Хьан Деда муха ву?


Тоьар ду Альх1амдуллилах1 Далла хастам бу Дала дика лела до,бохуш урокан хан т1екхаче дукха а къамел дира цара.

Урок д1айола елла дейтта минот яра делахь Заурбекин сатоха ца лора массарна а хезаш и декъал ван лаьра.Нохчий меттан Мамакаев 1арбис язйина дийцар доьшуш т1е кхайкхана вара хьехархочо Амнат Хасановнас


«Абу’ууу хьо Дала декъал войла венчу денца,дукха а вехийла хьо»бохуш мохь тоьхна Заурбекас декъал вира Абу.


Классера бераш сец а девлера,массо а шегара хазачу дешнашца Абу декъал веш и вазвеш вара!Делахь а Абуна хаза хетара шеца ишта доьшуш бераш хиларна, я воккха вина а ца валара.


Амнат Хасановна ч1ог1а нохчийн маттахь дешнаш къоргера долуш,бух а болуш, дешни мукъан  говзаллех тера а болуш,хаза дош ала хууш хьехархо яра!


Х1етте дикка хан а яьлла,Абус ойла йора 


«Х1ан-хьа Амнат Хасановнин санна дика нохчийн мотт хуар буй теша?

  

      «Бац дера!»-бохуш ойланаш чаккхенге йолура

-Дела реза хуьлийла хьуна Амнат Хасановна суна хаза хета ишта ахьа хаза дешнан аларна!

                «Сан дика доттаг1ий шуна а хуьлийла дела реза!»


Масех хьехархочо Абу декъал вира!


Абу ц1а кхечира хазаллехь юхь сибат нур санна лепаш дара цуьнан.Новкъахь ойланаш йора ма хаза хийтира шена бохуш,кхочуш ц1а кхечира и.


«Дада’адада,»


  -Х1ун хилла сан жима Абу?


:Тахана-м суо массарна дукха везаш хилла,бохуш ирх лелхаш дукха хаза хетта,дедена уллехь охьа хиира.


-И х1ун боха ахьа Абу?

  

    :Асий дера боха со тахан массара декъал вира,тхан хьехархочо Амнат Хасановнас мел хаза дешнаш элира соьга,ткъа бераша а элира!


-Дади жима Абу ма дика ду и,хаза хета суна хьуна хаза хетта!Царна мичар хаа тахан хьа дари?


    «Ду-кх сайна хаза хетта царна мичара хаа те ала жоп дала ца кхиир со»


-Х1умма дац хьаьнгара хиъчи цхьам аьлла хира ду,суна хетарехь хьан дикачу доттаг1ас аьлла иза!Элира Яраг1ис


«Дуй теша?Исламац аьлла теша?»


-Хира ду аьлла хета суна-м!


    «Дика ду делахь суо хьожар ву»


-Дада вай тахан доьлхаш дуй?


«Ду дера Пет1амате ала ма деза,иза а йог1ура ма ю вайца»


Мегар ду Дада!


Яраг1и ше не1армачаш т1е а йоьхна,Пет1амат йолчу вахара.


«Пет1амат во Пет1амат!»

Чохь юй хьо?


Дера ю Яраг1и хьа чоьхьа вала.


-Х1ан-хьа чу веана ца 1а со,шуьш йог1аш юй тхойшинца?


«Ю дера!Шуьш хинцехь воьдуш ву?»


           «Ву»


Меллисина хаза хийтира, делахь самукъане йо1 яра иза.Аймани балха яха езаш яра,цундела цуьнан цаьрца яг1арх нис ца деллера.Соьлжа-Г1алахь Беркатехь туькан чохь болх беша яра,юуург молург кхи йолу продукташ юхкаш,юртар Мархет Айманий цхьани йодара Соьлжа-Г1али т1е.Мархет жимах йолу йиша яра Займани.

    Цул т1аьхьа масехь сахьт а делира Яраг1ис хабар д1ахьитнера шен шичег 1илманег ша не1ри дог1анаш арахь йолу кхоалг1а кепан юкъе дилна аьлла кехат яздира.Яраг1и Абу ц1ера ваьлча хьеший гуллура бу-кх бохуш,Почта чу вахана Жимачу Атаг1е д1акхачу де х1ара кехат аьлла Джамиляс сихха шен водителиг телефон тоьхна и кехат жимачу атаг1е д1акхачира.


«Пет1амат шуьш кийча юй?»

  

    -Ю дера.


Абу хаза кеч а веллера,Яраг1и шен 1аса цхьа а эцна Абу шел хьалха а воккхуш новкъа бевлира.Юртан жимма гена яра делахь г1аш шайна буьйла луш Пет1амат Яраг1и Меллиси Абу вовше хабарш дуьйцуш кхочуш д1акхечира!


«Дада дадададада хьажахь мел хаза ду»!


«Мама ма дукха хан яра со кхуза ян лууш,Дада вацахьари со кхуза а кхаьчна хира яцара»бохуш Меллиса а яра.


Массерал хаза хеттаг Абу вара.


«Дада х1ара хи малахьа хьайна ч1ог1а дарбане ду бах х1ара»аьлла кружки т1ам Дедена кховдош,шийла шовда мелира Яраг1ис


Докха са а дакхина Яраг1ис элира


    «Ма хаза ду х1ара!Ма мерза ду х1ара!Са дег1о берриге баланаш д1а баьхна санна хийтина суна»бохуш ша жимачу Лом олучу шовдане кхаьчна дохка ца ваьллера Яраг1и!»

 

Пет1аматас элира, «Яраг1и хьан Абу цхьана х1уман ван лууш хилла кхуза,сан хийла б1аьра ихна хиш кху шовдано д1а даьхна санна хеташ ю со!»


«И х1ун ду?»бохуш Пет1амат сец юьйлура.


Абус элира:Дера деца кху шовдане кхочуш цкъа х1умма дуйла теша?Дац дера!Х1ара шовда суна хаар ишт хира дуй!Цундела сан лаам кхочуш хилла со уггаре винчу дийнахь!

 

Хастам бу-кх Далла бохуш Яраг1и вара.


 Дикка хье белира уьш.Цул т1аьхьа ц1а д1а 

даха лууш дара Яраг1ий Пет1аматий.Яраг1ис элира Пет1аматиг 


«Пет1амат вайгахь хьеший схьа баьхкан гул белла хира ма бу,вай д1ахач ху дар теша?»


«Яраг1и г1ура г1ура жимма сатохьа»бохуш лаьтташ юртар Сайд-1альви вара шен говраца юрта воьдуш.


Яраг1ис элира-Ой Сайд-1альви ма ву кхузахь


-Хьо тенга воьдуш ву Сайд-1альви?


«Дера ву юрта воьдуш,аша х1ун лела до?»


-Тхо ду жимма садо1уш кху кегирхойшан х1ара шовда гойтуш даьхкан.Тхо-м хьанор дара кхузахь долу дикка хан,делахь д1а даха гена ду схьа дог1уш г1аш даьхканера тхо.


«Ахьа д1адуьги тхо?»-аьлла велара велира Яраг1и


 Делахь суо мел сиха велахь х1орш буьтийла дац кхузахь хьуьнчохь,сой юрта воьдчул д1абига беза аса х1орш,аьлла говран т1ира охьа вуссуш иза нуьйрехь д1атоси шовда а мелла,Сайд-1елас шен юртахойш ц1а бала бо!


Абус элира «1а дика йойла хьан,дарбане 1енийла хьо хаза шовда,кест-кеста вог1ар ву хьуна со»оли шена юхь куьг дилира хазачу шийла шовдано юхь сибат къагира! Оццул дарбане дара и шовда.

    Ц1а кхечира,Пет1амат Меллисий шай чу яха езаш йолуш йолу шайга йог1уш санна хийтира Абуна.


«Деца шуьш тхоьга йог1аш ю?»


    «Дера дера,чу юьти ахьа?»

  «Юьта дера,цхьани хаза чай мера дуй вай ялохьа шии»оли керта велира жима Абу!


«Ой х1ара ху ду Дада хиллаг?Вайгахь берш муьлш бу?


«Ой Алхозур Хьо ма ву??»

  «Хазна хьо х1ун деш ю кхузахь?»-бохуш Абу сец ваьллера!


-Тхо хьо волчу сакъера даьхкан,хьо декъал веш! «Дала декъал войла Абу!»бохуш массара декъал вира Абу.


1илмани зуд Залпаъ а яра,цо стол т1е яа хума охьа йиллинера,г1о деш цуьнан йо1 Хазна яра.

Ишта дукха хан елира,Абу ша шена сец ваьллера и кхи т1е сец вуьйлура иза «Шена тахана  санна цкъа хаза ца хетта» бохуш


«Ма дика ду-кх шу даьхкана суна хаза хийти,алайша соьга шуьна мичара хаьар сан вина де дуйла?»


Тхоьга Яраг1ис кехат даитнера ишт ишти ша волче дуьйла аьлла,хьо декъал веш даьхканера тхо!


«Дела реза хуьлийла шуьна!Суна хеза хета»


Хьеший д1абахара,Пет1амат шен йо1 Меллиси ц1а яхара:

    «Буьйса декъал йохийла шуьшин Яраг1и,гура ду вай вола со йолче цхьана суьйран!»


-Дела реза хилла Пет1амат,шуьшина йог1ийла буьйса декъал! 

       «Вог1ар ву Пет1амат аса эра ду хьуна»-аьлла вела велира Яраг1и.


Абуна наб озийнера,Яраг1и къад велла вара делахь воккха вина ца валара тахан лера денна.


«Далла бу-кх хастам ма дика ду ишта долуш цхьа а да воцуш ца висна суо Абу»бохуш цогал д1а бай-ина д1авижара Яраг1и!


       

                                

                             


Тоххар лера хаза суьйре д1аяьлла кхо бутта баьллера Абу винчу денца декъал веш гул белла хьеший бахканза бара.Яраг1ис хийла кхузза письмо д1ахьитнера кхи хаттаршна доьхьал жоьпаш ца луш 1илманс.1илман шен зудий,к1антий,йо1ий эцна жима лам олучу хин т1е баханера.

Жимачу Атаг1ахь 1аьш Сайд-1альви стун нана яра,иза д1аяьлла аьлла селхан хеззера Яраг1ин,делахь Яраг1и циге тезета ваха везаш вара.


«Дера веза ша 1илман волчу ваха тезета ваханчура»-бохуш лулар 1аьрби хьа веана цуьнан машенци тезета вахара!Абу ишколер ваьлча ша ц1ахь 1ира ву бохуш шен Дедега сагат ма де бохуш иза д1ахьажира жимачу Абус.

Тезетахь а 1ийна ц1а баха машен чу хевшира, Яраг1ис элир 1аьрбига


«1аьрби,суо сайн шича волчу кхетар вара т1ехь волушехь»


-Сацор ю ай ахьа?


«Х1унда ца сацош ю аса?«


      «Ю дера!»

1илманера кет1а кечира,Яраг1и охьа а воьссина церан кевна 1аса етташ вара,шен къоналле хьаьжжин п1елг тоха ца лора.


«1иламаннн воо 1илманнн»


-Яраг1и чохь буй теш уьш, я ц1ахь буй теша уьш?


«Х1ан-хьа хила беза уьш ц1ахь 1аьрби!»


1илманера лелахо Зезаг яра кадамехь а 1ийна зударшца ц1а йог1уш.Шена Яраг1и гича сец яьллера Зезаг амма цуьнан иза ганза дикка хан яра.


«1илмаааннн»-бохуш Яраг1ис мохь беттара 


делахь ков делла ц1ахь цхьа а вацара.


Зезаг элира- «Ой Яраг1и ахь х1ун лела до?Хьо лаьа вуй?»


-Зезаг суо 1илман волчу веанера,кхузза кехат  даитанера аса кхи цо суна дуьхьал х1умма ца олуш!


«Хьо х1ун деш ю?Муха ю хьан могшалла?»


   «Дика яра со-м тоьара ду!»

«Х1ун боха те хьан къаналло?»-аьлла ела а елла забаре хаттар делира Зезагас



«Дера Зезаг сан къаналло со къан луш ву боха,сан могшалла х1ора а дийнахь шарахь а д1айолуш ю боха»


«Яраг1и ахь кехат маца яздина, д1ах1итанера?»


«Делахь Зезаг цхьа бутта хьалха цхьаъ д1ахьитнера аса,юха 2 къира даьлча шозлаг1а даитнера аса,юха кхозлаг1а бутта юкъе бала герга боьдуш даитанера суна и дага дог1а,т1аьхьара аса 16 сентябрехь почтехь йолу Джамиляг аьллера д1адахьита.


«Суна ца хьаьа цара ху дина эц сан кехаташех»


«Яраг1и ой сан йо1 ц1ера яьлла денош ма ду уьш,цундела ца кхаьчна те уьш схьа?»


«Зезаг ахь х1ун дуьйца?»-бохуш мохь хьоькхуш вара Яраг1и.


«Яраг1и Яраг1и тоьаш ду ма хьекха мохь хьоьлла йокха зуда ма ю иза»-элира 1аьрбис.


«Х1ума дац,со кхузахь лаьтташ волу масехь минот ю!»


     «Зезаг хьалхе ала ца магар ахьа?»


«Яраг1и суна т1е мохь ма хьекха со хьа хенари яц,суна х1у хьаьара хьо ишта хьолехь вуйла?

«Аса т1ара тоьхна раз воккхар ву хьо дукха ма векалахь суна!»


«Делахь Зезаг со хьан хенар вацахь,амма бакъ ду,хьа сан ишта дика лелаш дег1 дац сан!»

Яраг1и х1ума дац бохуш,шел йокха елахь 1ад 1ира,хазачу аг1ор д1адерзина.


Цул т1аьхьа даьллера къира,1илманс кехат даитнера Яраг1иг ша ц1ахь ву аьлла!Шолг1ачу дийнахь Яраг1и Арбиса Ч1ири юрта хьошалг1а вахара.

Юрта ц1а кхечира Яраг1и к1ента к1ант Абу.


Абус элира


-Алелай Дада!


 :Х1ун хилла Абу?


-Оцу ч1ири юртахь б1аьста мел хаза хуьла баха сан доттаг1чо Исламац!


:Бах?Дера ву вайша цхьана хазачу б1аьстенан дийнахь г1ура,дадас хьо дукха а жимачу лам т1е вуьгар ву!


Вуй Дада?-бохух хазахетарца ирх лелхаш вара Абу!


Ишта цхьа хаза,оьздачу Яраг1ий а,цуьнан к1ента к1анта Абуий а, дахар серла делира!

Комментариев нет:

Отправить комментарий

Роман

                                   «Ломахь»                             1уьйранна хьала г1еттинчу жимачу Абуна дагчу тесира,дера веза ша Дад...